Имам ШафиӀийн Ӏакъидат

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Иштта Хьафс Фарда Къуръан кхоьллина ду аьлча, Ша́фиIис цуьнга элира: «Воккхачу АллахIаца керстаналла ди ахь». Иштта долу дош алар керстаналла хилар билгалдира Ша́фиIис цунна, амма Хьафсана муртад ву аьлла хьукма ца дира деккъа цо и дешнаш аларна, хIунда аьлча такфир дан бакъо луш долу хьужжат шена дIахIоттийна доцу дела, ткъа иза муртад шена хеташ хиллехь-м, иза вейтина хир ма вара цо».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 23/349]

-Цхьаболчара-м Ибн Таймиййат нийса ца кхетта Имам Ахьмадан Iакъидатах олу, ткъа Имам Ша́фиIий хьенан Iакъидатах нийса ца кхетта те?! Я Имам Ша́фиIий а хилла те муржиIхо?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Мутава́тирна а, ижма́Iна а инкарло йинарг

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Мутава́тирца а, ижма́Iца а сецна долчу хIуманна инкарло йинарг керста ву, цунна хьужжат хIоттийначул тIаьхьа».

[Фата́ва́л-кубра́, агIо: 1/110]

-Дукхамма дукханга дуьйцуш схьадеъначух олу мутаватир, ткъа ижма́I - массо Iеламнехан барт хилла хIума ду! Цу тайпа схьадеъна хIума санна бакъ ца хила йиш йоцуш хIума дан дац, тIаккха а боху ибн Таймиййата иштта долчунна а инкарло йинчунна хьужжат хIоттор ду такфир далле!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Шайх Вахьид Балийн цlарах нохчийн маттахь агlо хир ю хlара.

Аллахlа диканца бекхам бойла хlара яржош дакъа мел лаьцначунна.

https://www.tg-me.com/Shayh_Vahid_Baliy
Зератна тIе барт яккхар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iеламнехан барт хилла-кх... Лекха волчу АллахIа Къуръан чохь хьахийна йолу «Ибра́хIи́ман меттиг, ламаз до меттиг хилийталаш» [Сурат: БакъарахI, аят: 125] аьлла йолу меттигна барт яккхар я цунах куьг Iоттар динехь цахиларна тIехь.
Ткъа имамийн барт болуш, харц хила йиш йоцучу кепара схьадеъначу суннатехь а цунна (Хьаж-цIа вахча, тIаваф дина ваьлча, Ибра́хIи́ман меттиг ю олий ламаз деш йолу меттигна) барт яккхар а я цунах (беркат оьцуш) куьйгаш хьекхар а динехь ца хилча, Ибра́хIи́м воцуш, кхиволчу пайхамаран меттигна барт яккхар а, (беркат оьцуш) куьйгаш хьекхар-м хIетте а динехь доцуш ма ду!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 535]

-Ткъа пайхамар воцуш, овлияъ вара аьлла, цуьнан коша тIе я цуьнан зератна тIе барт яккхар я беркат оьцуш куьйгаш хьекхар муха хир ду динехь?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
نرحب بك شيخنا ووالدنا، نتشرف بوجودكم معنا


Вайн Шайх Вахьид ву хӀинца кху канал чохь вайца, маьрша вогlийла хьо, тхан лараме, хьоме Шайх!
Кхаъ бу коронавирус кхеттачунна

Ибн Таймиййата (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Лаккхара долу даржаш баланаш ловш бен кхочуш дац».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 25/302]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зуькарехь а, ловзаргахь а тӀараш деттар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ткъа стегарех цхьа а ца хилла Пайхамаран заманахь жиргӀа тухуш а, я тӀараш детташ а! Мелхо а, Пайхамарера бух болуш схьадеъна цуьнан дешнаш ду: «ТӀараш деттар зударшна ду, «субхьаналлахӀ» алар стегаршна ду», - кхин а, - «Стегарех тарлуш болчу зударшна а неӀалт аьлла, зударех тарлуш болчу стегаршна а неӀалт аьлла». Ткъа эшарш лекхар а, жиргӀа тохар а, тӀараш деттар а зударийн хӀуманаш долан дела, салафаша олуш хилла-кх и белхаш лелор зудрех тарвалар ду! Иштта зурма локхучу стегарех а олуш хилла зудрех тарбелларш! ХӀара церан къамелехь дукха гӀарадаьлла девзуш хӀума ду».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 11/565-566]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
АллахӀ стиглахь хилар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ша́фиӀийн мазхӀабера цхьаболу баккхийчу Ӏеламнаха аьлла: «Къуръан чохь эзар, я кхин а сов тоьшалла ду Лекха волу АллахӀ халкъанна лакхахь, шен лешна тӀехула хилар гойтуш».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 5/121]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏелин дозалла

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ӏелин дозалла а, иза АллахӀан гергара стаг хилар а, АллахӀана гергахь цуьнан меттиг лакхара хилар а девзуш ду, АллахӀана бу-кх хастам, шегахь шеко хила а йиш а йоцучу кепара Ӏилманан некъашца схьадеъна ду иза, (иза вазван гӀерташ ваьшкара) тӀе харцо етта а ца оьшуш, я бакъ ду-дац ца хуург схьатекхо а ца оьшуш».

[МинхӀа́жус-суннахӀ, агӀо: 8/165]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏелан меттиг

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ткъа Ӏела-м (АллахӀ реза хуьйла цунна) суннатан охӀлано шегахьара гӀо доккхуш а, дукхавезаш а ву, тоьшалла а до цара иза нийса болчу халифех а, имамех а хиларца».

[МинхӀа́жус-суннахӀ, агӀо: 6/18]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏелегахьара гӀо даккхар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ӏелегахьара гӀо даккхар массо бусалбанна тӀехь важиб ду, массо бусалбанна тӀехь важиб ма-хиллара Ӏела санначу кхин мел волчу бусалбанера гӀо даккхар а».

[МинхӀа́жус-суннахӀ, агӀо: 7/27]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏела

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ткъа Ӏела (АллахӀ реза хуьйла цунна) АллахӀ везачарех а, АллахӀана везачарех а хиларна тӀехь-м шеко а яц».

[МинхӀа́жус-суннахӀ, агӀо: 7/218]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Эла

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ткъа Ӏела а, кхиболу асхьабаш а массо бусалбанан элий хилар - иза Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дийна волуш а, кхелхиначул тӀаьхьа а Ӏелин хьокъехь долуш долу хӀума ду, Ӏела тахана а ву массо бусалбанан эла».

[МинхӀа́жус-суннахӀ, агӀо: 7/325]
https://www.tg-me.com/Ibn_Taymiyyat
Ӏумар ХаттӀабан сацам

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iумаран сацам хилла-кх (АллахI реза хуьйла цунна), цуьнца бусалба нехан а, иштта царал тIаьхьа хилла болу кхиболчу Iеламнехан а, Лекха волчу АллахIа бусалба нахана коьрте хIиттийначу нехан а, бусалба махкахь керста нахе ца леладайта, къаьсттина цу керста нехан бен доцу хIума, бусалба махкахь нахана гуш ца леладайта къаьсттина мушрик нехан долу хIуманаш. ТIаккха хIун аьлла хета хьуна и къаьсттина керста наха бен лелош доцу хIума бусалба наха шаьш лелош а, гIарадоккхуш а хилча?!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 220]
https://www.tg-me.com/Ibn_Taymiyyat
Forwarded from lадлан Харачо
Аллахl стиглахь ву - Имам Абу Хьанифат

Аллахl стиглахь ву - Имам Малик

Аллахl стиглахь ву - Имам ШафиӀий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Ахьмад

Аллахl стиглахь ву - Имам ӀабдуллахӀ ибн Мубарак

Аллахl стиглахь ву
- Имам ибн Аби ШайбахӀ

Аллахl стиглахь ву
- Имам Сабуний

Аллахl стиглахь ву
- Имам Музаний

Аллахl стиглахь ву
- Имам ТӀабарий

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏимадуд-дин ВаситӀый

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьарб ибн ИсмаӀил Кирманий

Аллахl стиглахь ву -
Даххьак ибн Музахьим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Исхьакъ ибн ИбрахӀим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьумайдий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Абу Ӏусма‌н Са‌буни

Аллахl стиглахь ву -
Имам Абу СаӀи‌д Да‌рими

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏабдул-ГӀаний Макъдиси

Аллахl стиглахь ву -
Имам ЗахӀаби
Керстанах тарвалар

IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьйла цушинна) дийцина, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана нахах тарвелларг - царех ву». [Сахьи‌хь: Абу Да‌ву‌д: 4036]

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьокху хьадисо гойту муьлхха а кепара царех тарвалар хьарам хилар».

[Икътида‌ус-сира‌тIил-мустакъи‌м, агIо: 478]

-ТIаккха цу юкъа доьду-кх керста нехан дезденош даздарца царех тар валар а.
https://www.tg-me.com/Ibn_Taymiyyat
Мохкбегор

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Мохкбегор - АллахӀа шен лешна кхерам тосучу билгалонех ду».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 24/264]
https://www.tg-me.com/Ibn_Taymiyyat
Эшарш

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Диэ мазхӀабан виъ имам тӀетевжина эшаран гӀирсаш берриге а хьарам хиларна. Я цу имамашна тӀаьхьабозучеран эшаран гӀирсийн хьокъехь къовсам хилла аьлла а ма ца далийна цхьаммо а».

[Мажму‌Iул-фата‌ва‌, агӀо: 11/576-577]
https://www.tg-me.com/Ibn_Taymiyyat
2024/09/28 22:57:56
Back to Top
HTML Embed Code: