Telegram Web Link
Каш тIе вахча суннат дерг

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Суннатехь бийцина болу шен ларам бу бусалба стеган кошан ларо безаш, хIунда аьлча и каш веллачу бусалба стеган хlусам ю, нажасах хIума а юьтур яц цу коша тIехь берриге Iеламнехан барт хилла, цу тIе ког боккхур бац, сийсаздийр дац я цу тIе дIатаьIар вац, (иштта кошан ларам ларо безаш бу) вайна гергахь а, дукхаболчу Iеламнахана гергахь а. Беллачарна дезар доцу хIуманех ларлур ву цу кошана уллехь, боьха гIуллакх делахь а я боьха дешнаш делахь а. Суннат ду коша тIе вахча цуьнга салам далар а, цунна доIа дар а, ткъа цу кошахь верг веза стаг мел хуьлу а, цуьнан и вай дагардина хьаккъаш чIогIох лардан дезаш ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 437]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зераташкахь доIа дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Зераташкахь доIа дар, цигахь динчу доIанна жоп даларе сатийсар а, кхечанхьа динчу доIанал чIогIа жоп даларе сатийсар цигахь динчу доIанна, и дерриге АллахIа а, Цуьнан Элчано а магийна болх бац, я цхьана асхьабо а, табиIино а лелийна болх а бац, я бусалба нехан имамаша лелийна болх а бац, я хьалха дIабаханчу Iеламнахах, я дикачу нахах цхьаммо хьахийна болх а бац иза, мелхо, (хIижрин рузманца) ши бIе шо даьллачул тIаьхьа тIебаьхкинчаьргара бен хезна болх бац иза... АллахIан Элчанан асхьабашна дукхазза йокъо хlоьттина-кх, и доцург а, дукхазза халонаш тIеяьхкина царна, ткъа Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе а баьхкина, догlа доьхуш я орца доьхуш, цкъа а доIа диний цара?! Мелхо, Iумара, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе вахана доIа ца деш, Iабба́сца араваьлла (шайна йокъо хlоьттинчу хенахь), цуьнга доIа дайтира!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 449-450]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Дика стаг волчу агIора вирзина доI дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболчу наха шаьш доIа дечу хенахь, дика стаг волчу агIора боьрзий до (зератна тIебирзина даре терра), иза малхбалехьа делахь а я мичча агIора делахь а, ткъа иза-м билггала тилар ду, шеко йоцуш ширк а ду!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 476]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зерат кертара араволуш букъ берзор

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболчу наха дика дац олу дика нах болчу меттигна букъ берзор (зерат кертара арабовлуш наха ма-леладарра), амма АллахIан хlусамна а, Цуьнан Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кошана а букъ берзабо цара! Ткъа дика нах болчу меттигна букъ берзор дика дац бохуш дерг бидIатах ду, жаIарна Iибадатдечеран динах тарвалар а ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 476]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зератехь доIа дар суннат дац

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Суна цхьа а ма ца хаьа, асхьабех а, я табиIинех а, я бевзуш болу баккхийчу имамех а доIа зератехь дар суннат ду аьлла! Я цу хьокъехь цхьаммо дийцина схьадеъна цхьа а хIума ма дац, я Пайхамарера а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), я асхьабашкара а, я бевзуш болчу баккхийчу имамашкара а».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 479]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Цхьа меттиг къастор

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цу меттехь бен ламаз ца деш маьждиг чохь даима цхьана метте хlуттуш лелар магийна дац».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 498]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Рафидаташ

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ширк а, кхидолу бидIаташ а харцонна, аьшпашна тIера схьадаьлла ду, цундела тавхьидах а, суннатах а гена мел хуьлу а, ширкана, бидIатна, харцо кхолларна герга хуьлу, ра́фидаташ ма-хиллара, дегIан лаамна тIаьхьайозуш йолчу тобанех уггар харц тоба ю иза, царах уггар чIогIа ширк деш ерг а ю иза, дегIан лаамна тIаьхьайозуш йолчу тобанех царел харц тоба ян яц! Я царел тавхьидна гена йолу тоба а яц!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 501]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зераташ дар шиIийн болх бу

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIа а, Цуьнан Элчано а ма де аьлла ца магийна долу зераташ до цу ра́фидаташа кешнашкахь, ткъа цIена волчу АллахIа Шен Къуръан чохь маьждигаш де аьлла дина омра, зераташ де аьлла ца дина! Лекха волчо аьлла: «Сов зуламхо мила хир ву, ткъа, АллахIан маьждигаш чохь Цуьнан цIе яхар цамагочул а, уьш дохо гIерташ къахьоьгучул а?». [Сурат: БакъарахI, аят: 114] «АллахIан зераташ» ца аьлла АллахIа».
Кхин аьлла Лекха волчо: «Ахь ала: «Омра дина сан Дала, нийсо лелае аьлла, тIеерзае Цунна шайн яххьаш, шаьш муьлхха а Iибадат дечу меттигехь»». [Сурат: АIра́ф, аят: 29] «ХIора зератехь» ца аьлла АллахIа!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 501]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зераташ де ца аьлла АллахIа

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ХIара харц хила йиш йоцучу кепара Элчанан (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) динах массарна девзуш дерг ма ду! Цо омра динарг маьждигаш де аьлларг ду, цу чохь ламаз а де аьлларг ду. Амма зерат де аьлла омра ца дина цо, я Пайхамаран кошана а, я Пайхамар а воцуш, кхечуьнан кошана а, я Пайхамар хиллачу меттехь а».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 502]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Бусалба нехан махкашкахь хилла дац

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бусалба нехан махкашкахь асхьабийн а, я табиIийнин а, я церан табиIийнин а заманашкахь хилла дац, Iарбийн махкахь а, я Шемахь а, я Йеманехь а, я Ира́кехь а, я Хураса́нехь а, я Мисрехь а, я Мароккехь а цкъа а хилла дац кошана тIехула маьждиг дар а я нах лелаш зерат дар а».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 503]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Пайхамаран коша тIе вахана доIа дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Вайн Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) коша тIе боьлхий, доIа деш ца хилла асхьабаша я кхечу пайхамаран коша тIе боьлхий а».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 503]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Виэ имаман барт

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Виэ имаман (деа мазхIабан дайн) барт хилла, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) маьждиг чохь ша доIа дечу хенахь, цуьнан кошана тIевоьрзур вац аьлла».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 503]

-Ткъа зератна тIе муха воьрзур ву доIа дечу хенахь?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Цхьана а Iеламстага ца аьлла

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Бусалба нехан имамех цхьаммо ца аьлла Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) кошана тIевирзина доIа дар суннат ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 504]

-ТIаккха зератна тIевирзина доIа дар муха хир ду суннат?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Рицкъанехь совваккхар АллахIна дукхавеза бохург дац

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Стеган доIанна жоп далар бахьана долуш, я кхечу кепара АллахIа шена рицкъ мел делларг, я шена цхьана хIуманна тIехь гIо мел динарг АллахIна иза дукхавезаш ву, АллахI цунна тIехlоьттина ву бохург дац хьуна! Мелхо а, ЦIена волчу АллахIа рицкъ ло хьуна бусалбана а, керстана а, дикачунна а, Iесачунна а, церан доIанна жоп луш а хуьлу хьуна АллахIа, цара дехнарг дуьненчохь царна луш а хуьлу Цо, амма эхартахь царна цхьа а хIума ца хуьлу».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 522]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зератах беркат эцар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIа хьаж дан а, тIаваф дан а важиб дина долу маьждиг, муъмин нехан къилба а долу, и дерриге долушшехь цу шина (КаIбатехь а, Мадинатера а) маьждигехь яц шена барт йоккхуш а я (беркат оьцуш) тIе куьйгаш хьоькхуш а меттиг, АллахIа латта тIехь Шен аьтто агIонан метта лаьррарг бен, иза Iаьржа тIулг бу, тIаккха муха хир ю Акъса́ маьждигехь шена барт йоккхуш а я (беркат оьцуш) тIе куьйгаш хьоькхуш а меттиг».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 542]

-Ткъа оццула езачу меттигашна а беркат оьцуш тIе куьйгаш хьекха йиш ца хилча, зераташна хьекха муха мегар ду?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Жуьгтех тарвалар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Акъса́ маьждигера тIулг беза ларар - жуьгтех тарвалар ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 543]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Пайхамаран кошана тIе вахар важиб дац

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Царах гуттар жехIал болчарна моьтту Пайхамаран коша тIе вахар важиб ду, иштта царах бу - велла дIавоьллиначуьнга доьхурш а, цкъа а лийр воцучу АллахIе ма-деххара! Цара олу: «ХIай сан эла хьенех, гечдехьа суна, къинхетам бехьа сох, тоба къобалдехьа сан...»».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 564]

-АллахI воцчуьнга доьхуш болу нах ша буьйцучу хенахь Ибн Таймиййата «мушрикаш» ца эли, АллахI воцчуьнга дехар цIенна ширк доллушехь, мелхо, жехIал нах эли!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Цхьаъ къаста а вина такфир дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаъ къаста а вина, цунна такфир дар, иза даима жоьжахатехь хир ву аьлла цунна хьукма дар, цу стагана такфир дан мега бехкамаш кхочуш хиллий, такфир дан цамагош йолу дуьхьалонаш дIаевллий хьаьжжина ду. Ткъа вай цхьаъ къаста ца веш олу: «ХIара динарг ялсамане гIур ву, хIара динарг жоьжахате гIур ву, хIара динарг керста ву, хIара динарг фа́сикъ ву». Делахь а, цхьаъ къаставой, «хIара кху буха вогIуш ву» ца олу, цунна хьужжат хIоттор кхочушхиллалц, шена дуьхьал хIумма а доцуш. ХIара бакъо ас ехха йийцина такфир даран бакъо юьйцучехь. Цундела ца дина ду Пайхамара а (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) такфир, «со велча вага а вай, мохехь аренга дIасакхосса, валлахIи, со денван АллахIан ницкъ кхачахь, Цо Iазап лур ма ду суна, Iаламах цхьаннена а делла доцучу кепара» аьллачунна. Иза шеконехь хиллашехь АллахI ницкъ кхочуш хиларехь а, ша юха денвийр хиларехь а».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 28/500-501]

-Цундела жайнахь гича, «хIара хIума динарг керста ву» аьлла, цуьнан маьIна дац, и хIума деш мел гиначунна ахь кафир ала йиш ю, мелхо а, цу стагана такфир дан мега бехкамаш кхочушхиллий, такфир дан цамагош йолу дуьхьалонаш дIаевллий хьаьжжина ду иза, ткъа цунах дерг девзар дац Iеламстагана бен.
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Олуш долу дош керстаналлина чувуьгуш дош хилча

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Олуш долу дош керстаналлина чувуьгуш дош хила тарло, жахIмиташ олуш дерг санна: «АллахIа къамел ца до, къемат-дийнахь АллахI гур волуш а вац» , - бохуш долу. Делахь а, цхьаболчу нахана девзуш ца хуьлу иза керстаналлина чувуьгуш дуй, тIаккха иштта долу дош аьлларг керста ву олу, салафаш Къуръан кхоьллина ду аьлларг керста ву ма-аллара, АллахI къемат-дийнахь гур вац аьлларг керста ву ма-аллара, амма и дош аьлла волу цхьаъ къаста а вина, «хьенех керста ву» ца олу, цунна хьужжат хIоттадаллалц».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 7/619]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
ЖахӀмиташ

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Имам Ахьмада кафираш бу олуш хилла жахIмиташ, амма, царах хIора а ша-ша ваьккхича, къаьсттина цхьанна такфир деш ца хилла».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 7/619]

-Имам Ахьмадан некъах кхеташ ца хилла те Ибн Таймиййат, я иза а хилла те муржиIхо?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
2024/09/29 01:21:25
Back to Top
HTML Embed Code: