Telegram Web Link
Ӏарбий дукхабезар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Адамашлахь уггар безанаш Iарбий хиларан, цул тIаьхьа къурайший (тукхам) хиларан, цул тIаьхьа хIа́шимий (тайпа) хиларан далил - Тирмизис дийцина хьадис ду... Iабба́с ибн Iабдул-МуттIалиба (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, ша элира аьлла: «ХIай АллахIан Элча, къурайший бара вовшахкхетта, шайна юккъехь шайн дозаллаш хьехош, ткъа хьо санна волчунна масал дира-кх цара лаьттах хьаладолу хурман диттах терра, ша цIена делахь а, шен бух цIена боцуш долу!». ТIаккха Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «АллахIа халкъ кхоьллина, ткъа со оцу халкъах уггар дикачу агIора вина-кх Цо. Цул тIаьхьа тайпанаш декъна Цо, ткъа со оцу тайпанех уггар дикачу тайпанах вина-кх Цо. Цул тIаьхьа (тайпанан) некъаш декъна Цо, ткъа со оцу некъех уггар дикачу (тайпанан) некъах вина-кх Цо. Со ву-кх оцу халкъах уггар цIена бух болуш верг а, уггар дика (тайпанан) некъ берг а». Тирмизис аьлла: «ХIара хьадис дика хьадис ду». ...Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) билгалдина-кх, дуьххьара хIа́шимий (тайпа), цул тIаьхьа къурайший (тукхум), цул тIаьхьа берриг Iарбий а, иштта хIорш беза хилар уьш дукхабезар важиб деш ду хьуна».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 252-255]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏарбийн мотт

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Лекха волчу АллахIа Iарбий а, церан мотт а къастийна-кх, къаьстина долчу цхьацца хьукманашца. Цул тIаьхьа кьурайший къастийна берриг Iарбишна юккъехь, Пайхамар царах варца, иштта кхидолчу къаьстина долчу хIуманашца. Цул тIаьхьа хIа́шимий (тайпа) къастийна, царна сагIа далар хьарам дарца, хlонсах шайна цхьа дакъа даларца, иштта уьш доцуш, кхин а къастийна долчу хIуманашца, ЦIена волчу АллахIа хIоранна а шега хьаьжжина дозалла делла-кх, АллахI ву-кх хууш а, хьикмате а верг».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 257]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Бусалба нехан садоӀу де

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Вайл хьалха хилларш АллахIа пIераскан-денна тIе ца нисбина. Жуьгтиша шот-де хаьржина, жаIарна Iибадат дечара кIиран-де хаьржина. ТIаккха АллахIа вай кхоьллича, вай оцу пIераска-денна тIенисдира Цо...». ...ТIаккха вайн садоIу де церан садоIу денца, шот-де вай дича я вукхеран садоIу денца, кIиран-де вай дича, кху хьадисана бIостадевлларш хуьлу вай! Ткъа хIара болх кlиранчуьра садоIу денца хилча, иштта ду хьуна шеран долу садоIу денца дерг а, цхьа а башхалла цу шинна йоцу дела!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 304]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нахе шайн дезденош даз ца дайтар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Вай дийцира-кх, Iумара хIиттийна болчу бехкамех бара, берриге асхьабийн цу тIехь барт а хилла болу, царал тIаьхьа Iеламнехан а цу тIехь барт хилла болу «жуьгтех а, жаIарна Iибадат дечарех а болу керста нахе, бусалба нехан куьйга кIелахь бехаш болу, шайн дезденош даздойтур дац бусалба нехан махкахь» аьлла... ТIаккха бусалба нехан барт хилла хилча, керста нахе а шайн дезденош гIарадохуьйтур дац аьлла, ткъа бусалбачо ша муха доккху иза гIара?! Бусалбачо и даздича ца хуьлу иза керстачо даздинчул чIогIа а, гIарадалар а?!
Керста нахе вай уьш даз ца дайтар ду-кх, уьш даздарехь яьржаш йолу боьхалла бахьана, я иза Iеса хIума хиларна, я цу Iеса хIуманан билгало и хиларна».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 306]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан мотт Iамор

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Iумара ца магийна-кх керста нехан мотт Iамо а, я церан килсана чуваха а церан дезде долчу дийнахь, тIаккха муха хир ду аьлла хета хьуна цу керста наха лелош долу цхьадерг леладар?! Я церан динах хьакхалуш долу цхьадерг леладар!?...(Керста нахана тIе Делан) оьгIазло юссуш хилча церан дезде долчу дийнахь, цара лелош дерг бахьана долуш, тIаккха цара диннарг, я цара лелочух цхьадерг лелош верг шена тIе а оьгIазло йоссарна кхерамехь ца хуьлу?! (Iумар ХаттIа́ба аьлла долу дешнаш) «АллахIан мостагIашна герга ма хилалаш церан дезденошкахь» керста нехан дезде долчу дийнахь цаьрца вовшахкхетар а я цаьрца гулвалар а ца магош дац иза?! ТIаккха цаьрца и даздиначун хьал муха хила деза аьлла хета хьуна?!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 308-309]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Буьйцучу матто асар йо

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Хьуна хаалахь, муьлхха а къоман мотт бийцаро адамна чIогIа асар йо хьуна, хьекъалехь а, гIиллакхехь а, иманехь а, билггала къаста а къаьсташ чIогIа асар йо хьуна буьйцуш болчу матто».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 316]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезденош даздар - цаьрца дIанисвалар ду

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Керста нехан дерриге дезденош даздеш цаьрца дIанисвалар, керстаналлехь цаьрца дIанисвалар ду хьуна. Ткъа цхьадолу церан дезденошкахь цаьрца дIанисвалар, керстаналлин цхьадолчу дакъошкахь цаьрца дIанисвалар ду хьуна».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 317]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан шариIатан уггар чIогIа билгало

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Дезденош уггар чIогIа шариIаташ къастош дерг а, уггар чIогIа цу шариIатан билгалонаш а ю, тIаккха оцу дезденошкахь керста нахаца дIанисвалар, керста нехан шариIатах уггар коьрта долчу хIуманца а, цуьнан уггар чIогIа билгалонца а дIанисвалар ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 317]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Зударшна муьтIахь хилар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Уггара чIогIа пачхьалкхаш а, къаьмнаш а хIаллакдийриг - зударшна борша нах муьтIахь хилар ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 333]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезденош бес-бесара ду

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Керста нехан дезденош бес-бесара дукха ду, ткъа бусалба стагана тIехь дац уьш довзар а я царна тIекхиа гIертар а, мелхо, цунна кхачаме ду муьлхха а язъеш йолчу меттехь дакъалацар, я даздеш долу де даздар, я муьлхха а базбеш болу болх базбар иза керста нехан дуй хиъчхьана. Я уьш керста нехан дуй цунна ца хиъча а, цунна кхачаме ду-кх наха цу даздечу денойн бусалба динехь цхьа а бух баций хаар, ткъа цуьнан бусалба динехь бух бацахь - иза наха шайгара юкъадаьккхина хила дезаш ду я керста нахера схьаэцна хила дезаш ду, тIаккха наха цу даздечу денойн уггар лахара болу барам иза бидIат хилар бу-кх!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 335]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезде долчу дийнахь цхьамма чукхайкхахь

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Вай керста нехан дезденошкахь царах тар ца даларе терра (уьш даз ца дарца), царах тарлуш волчунна гIо а ца до вай, мелхо, цуьнга ма леладе олу, ша хIинццалц кхойкхуш доццушехь керста нехан дезде долчу дийнахь цхьаммо (хIума яа) чукхайкхахь, и волче вахар важиб дац (гIур вац)».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 336-337]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезденошкахь дина совгIат

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ХIокху дезденошкахь шена бусалбачо совгIат дича, вуьштта ша деш доцу (оцу дезденна аьлла дина делахь), цуьнгара совгIат схьаоьцур дац... Иштта хIокху дезденошкахь цхьанна бусалбанна ваьш совгIат а дийр дац вай».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 337]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезденошкахь луш долу совгIаташ дохкар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Дезденошкахь бусалба нах керста нахах тарлуш (церан дезденош даздан) царна лело оьшург а юхкур яц бусалбачо, юучух хуьлийла иза я тIеюхучух хуьлийла иза, иштта и санначух а, хIунда аьлча иза мегаш доцучунна тIехь гIо дар ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 337]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ражаб беттан дуьххьарлера еарин де

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ражаб беттан дуьххьарлера еарин де (даздаре) терра, (цу кlиран) пIераскан буьйса (язъяре терра), рагIа́иб олуш йолу, ткъа хIара де-буьйса даздар бусалба динехь диъ бIе шо дIадаьллачул тIаьхьа юкъадаьлла ду, цу хьокъехь дийцина хьадис а ду, и хьадис мавдуI (Пайхамарна тIе кхоьллина харцо) хиларна тIехь массо Iеламнехан барт хилла ду».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 403]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ражаб бутт юккъебахча

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Иштта ражаб бутт юккъебахча даздеш кхин цхьа де а ду, цу дийнахь Да́ву́д пайхамаран ненан ламазаш ду деш, ткъа и де даздар а шариIатехь шен цхьа а бух болуш дац».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 403]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Муьлхха а дезде шариIатах лоруш ду

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Муьлхха дезде шариIатах лоруш ду, тIаккха АллахIа вайна шариIатехь билгалдинчунна тIаьхьадозу вай (шариIато билгалдина дезде даздо), ткъа Цо билгал ца динехь, вайггара керла хIуманаш юкъа ца доху».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 405]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Мовлад дешар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Мовлид дешар салафаша лелийна дац-кх, лело бахьана а, аьтто а хиллашехь, ткъа и мовлид дешар дика хиллехь-м я дика хила герга мукъна хиллехь, АллахI реза хуьйла царна, салафаш вайл чIогIа хьакъ ма бара и мовлид деша, хIунда аьлча уьш ма хилла вайл чIогIа АллахIан Элча (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) вазвеш а, дукхавезаш а, уьш бу-кх дикачу хIумангахь уггар чIогIа сутара берш а!».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 405]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Пайхамар везар цунна тIаьхьавазарца хуьлу

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Кхоччуш Пайхамар везар а, и вазвар а хуьлу цунна тIаьхьавазарца, цунна муьтIахь хиларца, цуьнан омра кхочушдарца, гуччехь, хьулдина долу цуьнан суннат дендарца, цо деънарг даржадарца, цу тIехь шен дагца а, маттаца а, куьйгаца а жихIад дарца! ХIара бу-кх хьалха дIабаханчеран некъ, мухIа́жири́йн а, анса́ри́йн а, иштта царна тIаьхьабаьзначеран а».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 405-406]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
ШаIба́н бутт юккъебахча марха кхабар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Амма шаIба́н бутт юккъебахча цхьа марха кхабар цхьа а бух болуш дац».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 413]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Пайхамарийн кешнаш мичахь ду хууш дац

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьацца пайхамарийн кешнаш ду бохуш долчу кешнех баккъал а бакъ долуш дерг вайн Пайхамаран каш бен дац аьлла Iеламстаг цхьаъ хилла ца Iа».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 430]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
2024/09/29 03:23:21
Back to Top
HTML Embed Code: