Telegram Web Link
Ибн Таймиййат

Шафиlийн мазхlабехь имам лоруш волу Шайх Бахlауддин Субкийс аьлла:

«Аллахlца чlагlо ма йо ас, хlай хьенех, Ибн Таймиййат цавезаш хир ма вац я lовдал стаг, я шен дегlан лаамашна тlаьхьаваьлла стаг бен.

lовдалчу стагана ша дуьйцург хlун ду ца хаьа. Ткъа шен дегlан лаамашна тlаьхьаваьлла стаг цуьнан дегlан лаамо бакъонах дlахьовзаво, и бакъо цунна евзиначул тlаьхьа».

[Ар-раддул-вафир, агlо: 117]

Кху чохь Ибн Таймиййатан дешнаш хир ду нохчийн матте гочдина.

Хlара агlо яржае, ницкъ ма-кхоччу. Аллахlа, хьох бахьана а дина, цхьана стаге эцийтина а пайда эцийта ма тарло.

@Ibn_Taymiyyat

https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏеламнахана такфир дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ЖехIал наха бусалба Iеламнахана такфир дар уггар чIогIа мегар доцчу белхех ду хьуна! Мелхо, иза хаварижашкара а, рава́фидашкара а схьадаьлла ду!».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 35/100]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Цхьаъ къаставина такфир дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Со царна билгалдеш вара, салафашкара а, (баккхийчу) имамашкара а вайна схьадеънарг, «иштта а, иштта а дош аьлларг керста ву» бохуш долу хIума, иза а ду нийса къамел, делахь а, и дош алар керстаналла ду аларна а, юха и дош аьлларг къаставина цунна кафир аларна а юккъехь башхалла юй хаа деза».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 3/230]

-Цунах вайна билгалдолу, муьлхха жайнахь Iеламстага иштта хIума дар динах воккхуш ду, я и ширк ду, я и керстаналла ду аьлча, юха и хIума шегара даьлла волу цхьаъ къаставина цунна керста ву, я мушрик ву, я и динах ваьлла ала мегар доций, бусалба адамна керста ду аьлла хьукма далле кхочушхила дезаш шен бехкамаш ду, цунна и хьукма деш верг ша а хила веза Iеламстаг, хIораммо деш дац нахана бусалба ву я керста ву боху хьукманаш, Iеламстагна бен хоийла яц цу адамна керста ду аьлла хьукма дан йиш йолу бехкамаш цу адамехь кхочушхилла я ца хилла, ткъа и бехкамаш цуьнан хьокъехь кхочушхилла доцуш цунна хьукма дар иза харц хьукма дар ду, цу харцонах къемат-дийнахь жоьпаллин а хир ву!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Нахана хьукма дан сих ца валар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Иштта ду-кх, керстаналла деш долу дешнаш аьлча, стаг хила тарло-кх шега далилаш дlа ца кхаьчна бакъдерг довза, я дlакхаьчна, амма и далилаш бух боцуш лерина хила тарло-кх цо, я цу далилах ца кхетта хила тарло-кх иза, я цхьа цакхетамаш нисбелла хила тарло-кх цуьнан, Лекха волчу АллахIа шена бехказло лур йолуш».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 23/346]

-Кху къамелах вайна билгалдолу-кх, стагера ширкан я керсаналлин дешнаш девлча а, цунна мушрик ву я кафир ву аьлла хьукма дан сихвала бакъо цахилар, цу стага и муха аьлла билгалдаллалц, я мегаш доций ца хиъна хила тарло цунна, цу хьокъехь аят, хьадис цагар бахьана долуш, я цу хьокъехь долу хьадис даIиф лерина хила тарло цо, я цхьа цакхетамаш нисбелла хила тарло, цу дерриге хьолехь цунна бехказло ю боху Ибн Таймиййата, цунна хьукма дан сихлур вац боху.
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Хьужжат ца хӀоттош такфир дой Ибн Таймиййата?!

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Со ву-кх уггар чIогIа инкарло еш верг, къаьсттина цхьана адамна керста ву, я фасикъ ву, я Iеса ву аларна, цунна хьужжат хIоттийний хиинчул тIаьхьа бен».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 3/229]

-Хьужжат хIоттийна а доцуш такфир дарна уггар чIогIа дуьхьал верг ву ша Ибн Таймиййата боххушехь, - «хIан-хIа, цо ца ло бехказло, цо нахана такфираш до», - бохучул а йоккха харцо хIун хир ю?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Бусалбаналла дӀа маца долу?!

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаьннан а йиш яц хьуна цхьана бусалбанна такфир дан, цуьнгара гlалатло яьллехь а, цунна хьужжат хlоттадаллалц. Ткъа билггал долчуьнца ша бусалба хилар сецначуьнгара и бусалбаналла дIадолуш дац шеко йолчуьнца, мелхо а, цуьнгара и дIадолуш дац цунна хьужжат хlоттийна, цуьнан цакхетам дlабаьккхиначул тIаьхьа бен».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 12/466]

-Цо дуьйцу билггал дерг «ла илахIа иллаллахI» боху дешнаш ду, и дешнаш аьлларг билггал бусалба хилла, цул тIаьхьа цунна керста ву я мушрик ву ала иштта билггал цуьнгара хIума дала деза, иза динах аравала лууш хилар гойтуш, цхьацца цакхетамашца цуьнгара ширк я керстналла далар билггал дерг дац, мелхо, шеконаш ю, хIунда аьлча иза динах аравала лууш хилар билгал ца долу цу хIуманашца.
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Къеггина долу ширк динчунна а хIоттадо Ибн Таймиййата хьужжат!

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIан бен хила йиш йоцуш дерг, АллахI воцучуьнан а ду аьлларг кафир ву, цунна хьужжат хIоттийначул тIаьхьа, ша къобал ца динарг керста хуьлуш долу».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 1/112]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Муьлш бу уьш - lеламнах?

Бусалба динехь хlун меттиг ю lеламнехан?
lеламнехан ларам бан безий?
lеламнехан сий тlе кхийдачеран lалашо хlун ю?
lилманан дозалла мел доккха ду?
lилма lаморах хlун ял хуьлу?

Хаа лаьий шуна? Схьадуьйла тlаккха...

Доккха питана ду иза - lеламнах емалбар, царна лер, уьш нехан бlаьргаш чохь охьатаlо гlертар.

Цундела хlара агlо нахана йовзийтар - хьоьга далун долчух уггар кlеззиг дерг ду-кх, lеламнахана тlехlуттуш, церан сий лардеш, нахана нийсо йовзуьйтуш.

Аллахlа латтабойла вайн lеламнхах, Аллахlа совбохийла уьш, Аллахlа Шен къинхетам тlебоссабойла царна дуьненахь а, эхартахь а!

@payhamariyn_verasash

https://tlgg.ru/payhamariyn_verasash
ИжмаIана инкарло йиначунна а хIоттадо Ибн Таймиййата хьужжат!

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Амма АллахIан хьокъехь Iеламнехан барт а хилла, дукхаммо дукхангара дуьйцуш схьа а деъна долчу хIуманна инкарло йинарг кафир ву, цунна хьужжат хIоттийначул тIаьхьа».

[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 1/111]

-Хьужжат хIоттадар бохург - шегара керстаналла я ширк даьллачунна Iеламстага Къуръанан аятца а, Пайхамаран (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) суннатца а, цуьнан цхьа а шеко ца юьтуш, къеггина билгалдар ду иза керстаналла я ширк хилар.

-Iеламнехан барт хиллачу хIуманна я дукхангара дукхаммо дуьйцуш схьадеъначунна инкарло йинарг кафир ву боху Ибн Таймиййата, амма цунна такфир дан бакъо цахилар билгалдолу цунна хьужжат хIоттийча бен, хьужжат хIоттийна доцуш Ибн Таймиййата такфир до бохуш верг цунна тIе харцо кхуллуш хилар а билгалдолу.
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Велларг дӀавуллуш зуькар дар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ХIокху кхаа меттехь (Дела хьехош, тIама тIехь, велла стаг дIавуллуш) маьхьарий хьекхар шайга жайна доссийначеран а (жуьгтийн а, жаIарна Iибадат дечеран а), кхечу къаьмнийн а Iадат ду, амма кху умматера шортта нах царах Iехабелла-кх (и хIуманаш цаьргара схьаэцарца)».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 214]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Керста нехан дезденош

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Девзуш ма ду керста нехан дезденош даздар (церан чот яр), иштта и санна дерг лелор а, цаьрца юкъарло дарца (уьш даздарца), иза цу керста нехан сий дар ду, ткъа уьш-м баккхийбо цунах, хаза хета царна, харц долу шайн динан белхаш тергал ца дича царна новкъа ма-дарра».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 221]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
Ӏарбий беза нах хилар

Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АхIлус-суннахI вал-жама́Iатан некъ - адамашлахь Iарбий уггар беза хиларца дог тешна хилар бу, кхидолчу къаьмнел а. Жуьгтел а, жаIарна Iибадат дечарел а, румхойл а, персахойл а, кхидIа болчарел а беза бу уьш. Ткъа къурайший (тукхам) Iарбишна юккъехь уггар деза дерг ду. Ткъа хIа́шимий (тайпа) оцу къурайший (тукхам) юккъехь уггар деза дерг ду. Ткъа Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) оцу хIа́шимех уггар веза верг ву! И ву-кх массарел а веза верг, шен тайпа уггар а сийлахь дерг.
Амма адамашлахь уггар беза берш Iарбий хилар, цул тIаьхьа къурайший (тукхам) хилар, цул тIаьхьа хIа́шимий (тайпа) хилар дац хьуна Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) царах вара аьлла, иза царах хилар дозалла делахь а, мелхо, уьш шаьш иштта адамашлахь уггар беза лоруш бу хьуна... Цундела аьлла Имам Ахьмадан накъост волу Абу Мухьаммад Хьарб ибн Исма́Iи́л Кирма́нис: «...Iарбий хьакъ а, церан дозалла а, дуьххьара дине баьхкинарш уьш хилар а, уьш дукхабезар а хила деза вайца…Ткъа вай ца дуьйцу-кх Iарбий цабезачу тобано а, сийсазболчу леша а дуьйцург, Iарбий цабезаш болу, я уьш уггар беза хилар къобал а ца деш болу, ткъа цара дуьйцург-м бидIат ду, нийса доцург ду»».

[Икътида́ус-сира́тIил-мустакъи́м, агIо: 250-251]
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
2024/09/29 05:25:15
Back to Top
HTML Embed Code: