Telegram Web Link
Дахаран а, рицкъанан а, Iилманан а, Iамалан а, муьтIахь хиларан а беркат дIадаккхар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, къиноша дахаран а, рицкъанан а, Iилманан а, Iамалан а, муьтIахь хиларан а беркат дIадоккхуш хилар. Кхечу кепара аьлча, динан а, дуьненан а долу беркат дIадоккху цара, цхьа кIеззиг а беркат ца карадо АллахIана Iеса хуьлучунна шен дахарехь а, шен динехь а, шен дуьненахь а. Дуьненчуьра беркат дIадаьккхина а ма дац адамийн Iесалла бахьана долуш бен... Рицкъ а, Iамал а совъялар церан дукхаллица дустуш дац хьуна, я дукха вахар беттанаш а, шераш а алсам дахарца дустуш дац, мелхо а, рицкъ совдалар цуьнца долчу беркатца дустуш ду». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 124-125]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
ХIинццалц тIетесна ца хилларг

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, АллахIа цу къинош дечу лена хIинццалц цунна тIетесна ца хилларг тIетасар. ШайтIанаш тIетосу АллахIа цунна шайн зенца, шайн тилорца, шайн васвасашца, кхерам латторца, гIайгIа латторца. 
Адамех долу шайтIанаш тIетосу цунна, иза цIахь волуш а, воцуш а шайга дало зен дарца. Шен хIусамнана а, шен хьадалчаш а, шен доьзалш а, шен лулахой а, хьайбанаш цхьаьна тIетосу цунна. Цхьаболчу салафаша олуш хилла-кх: «Со АллахIана Iеса хилча, сайн хIусамненан а, сайн хьайбанан а сайца хуьлу юкъаметтигца хаьа суна».
Иштта куьйгаллехь берш а тIетосу цунна Iазап далийтарца...
Шен дегI а тIетосу цунна, тIаккха (шен дегI а) дуьхьалдолу цунна, дика дерг дан лиъча ницкъ ца кхочуш, лаахь а, ца лаахь а иза хIаллакьхиларе вуьгу (дегIо)... АллахIана лай Iеса хиларе хьаьжжина хIара белхаш тIетосу цунна, уьш цунах юхатоха цхьа а хIума ца хуьлу. ТIаккха АллахI хьехор, Цунна муьтIахь хилар, сагIа далар, кхетам боцург нисвар, дика дерг де алар, вон дерг ма де алар, иштта хIара белхаш ду иза ларвен дерш».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 131-132]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Шахlадат ца далалуш валар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду, уггар шена оьшучу хенахь шен дегIо ямартло яр... ХIара-м дара, делахь а, кхузахь кхин а чIогIа кхераме, ирча, къаьхьа дерг ду-кх, иза - цуьнан даго а, цуьнан матто а цунна ямартло яр, иза валарна гергавахча, АллахIана дуьхьалкхета хан тIекхаьчча, цуьнан ницкъ ца кхочу-кх «ла илахIа иллаллахI» ала. Нахана гина-кх дукханга иза ала ца луш, валар тIедеанчу хенахь». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 132-134]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Марехь йолчуьнца зина лелор

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Марехь йолчуьнца зина лелор доккхох ду марехь йоцчуьнца лелорал а... 
Цу тIе нагахь цуьнан хIусамда кхуьнан лулахо велахь, тIаккха шен лулахочуьнца вон хилар, уггар а даккхийчех цунна зен дар тIекхета... Марехь йоцучу бIе зудчуьнца зина лелор гIоли ма ду, шен лулахочуьнан хIусамненаца и лелорал!
Цу тIе нагахь и лулахо кхуьнан ваша, я гергара стаг велахь, тIаккха гергарло хадош хилар а тIекхета, ткъа къа кхин а доккха хуьлу.
Цу тIе нагахь и лулахо АллахIана муьтIахь хила араваьлла хиллехь, ламазе, я Iилма Iамо, я жихIаде вахана хиллехь, къа кхин а доккха хуьлу цуьнан! АллахIан новкъахь гIазоте араваьллачуьнан хIусамненаца зина лелийнарг къемат-дийнахь схьа а валийна, цунна хьалха дIа а хIоттийна, цуьнга эр ду: «Хьайна мел луу цуьнан диканаш схьаэца». Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира: «ХIун аьлла хета шуна?». Шена луург схьаэца аьлча, цо хIумма а бухаюьтур ю аьлла хетий шуна бохург дара и. Дас шен кIантана а, накъосто шен накъостана а, доттагIчо шен доттагIчунна а шен хьакъ дуьтур доцучу дийнахь, цхьана дикане а чIогIа хьашт хиларна!
Цу тIе нагахь и зуда кхуьнан гергара хиллехь, гергарло хадош хилар а тIекхета.
Нагахь и зина лелош верг зуда ялийна а хиллехь, къа кхин а доккха хуьлу цуьнан.
Нагахь и зина лелош верг воккха стаг велахь, кхин а доккха хуьлу цуьнан къа, къемат-дийнахь АллахIа шайга къамел дийр доцуш, я хастор боцуш, шайна лазаме долу Iазап хиндолчу кхааннах цхьаъ ву иза.
Нагахь и зина дожар Дала хьарам бинчу баттахь хиллехь (уьш: ражаб, зул-къиIдахI, зул-хьижжахI, мухьаррам), я Дала хьарам бинчу махкахь хиллехь (иза Макка ю), я ламазан хенаш, доIанна жоп ло хенаш санна йолчу АллахIа язйиначу хенашкахь доьжнехь, къа кхин а чIогIа доккха хуьлу!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 163-164]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Дог цlандар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Пхи хIума дIадаьлча бен дог цIанлур дац: 
- Тавхьид йохош долу ширк.
- Суннат дохош долу бидIат.
- ТIедиллинарг дуьтуьйтуш йолу дегIан марзо.
- Дела хьахорах воккхуш долу гIопал хилар.
- ЦIенна АллахIан дуьхьа хилар дохош болу дегIан лаам».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 175]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Рияъ

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Рияъ - дерриге ширк ду». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 188]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Куралла

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«АллахIа ялсамане хьарам йина ширк лелочарна а, куралла ечарна а, цу ялсамани чу гIур ма вац мискъала зарратал шен дагчохь куралла ерг». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 204]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Бидlат чlогlох деза иблисана

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболчу салафаша аьлла: «Иблисана бидIат чIогIох деза Iеса долчул а, хIунда аьлча Iеса долчух стага, дохковолий, тоба до (ша лелош дерг нийса доций хууш), ткъа бидIатах дохковолий тоба ца до (ша дика до моьттуш лелош долу дела)»». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 205]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
lеламстаг вер а, кхидолу адам дер а цхьатерра дац

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къемат-дийнахь уггар чIогIа шайна Iазап хиндерш - пайхамар вийнарг а, пайхамара вийнарг а ву. Цунна тIаьххье догIуш ду (Iазап доккха хиларехь) имам вийнарг я Iеламстаг вийнарг... Цхьатерра дац хьуна пайхамар, я нийсо еш волу имам, я нахе дика дерг де олуш волу Iеламстаг веран къа а, кхиболчу нахах муьлхха а стаг веран къа а!». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 206-211]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Массарна зен дича санна

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьана бусалба стагана зен динарг массо бусалба нахана зен дича санна ву хьуна». 

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 211]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Делан лай вер

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Шена тешам белла волу керста стаг вийначунна ялсаманин хьожа а кхетар яц, 40 шарахь некъ балла гена а цуьнан хьожа дIакхочуш йолушшехь». [Бухарий: 3166]
Ткъа хIара АллахIан мостагI вийча хиндолу Iазап ду, шена тешам белла вара аьлла, тIаккха муъмин волу Делан лай вийначуьнан Iазап муха хир ду аьлла хета хьуна?!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 213]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Муъмин стаг чувоьллина валийтар

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Чу а доьллина, мацаллина а, хьогаллина а цициг далийтина йолу зуда Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) жоьжахати чохь гина хилча, цу цициго шен юьхь тIе а, накхан тIе а маIарш туьйсуш, тIаккха бехк боцу муъмин стаг чувоьллина валийтиначуьнан Iазап муха хир ду аьлла хета хьуна?!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 213]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Къинойн бух

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Адамо дечу дукхахдолчу къинойн бух - хьажар тIера хуьлуш бу, хьажаро дага хIума тосу, дагатесначу хIумано ойла йойту, ечу ойлано дегIан лаам меттахбоккху, дегIан лаамо и хIума дан лоуьйту, иза лаар чIагI а лой, иза дан ойла соцу, тIаккха цо и хIума ца дан йиш а яц, нагахь цхьаъ дуьхьалдаьлла ца висахь! Кху хьокъехь аьлла-кх: «(Хьарам диначе ца хьежош) бIаьрг ларбеш, собаре хилар аттох ма ду, и лар ца биначул тIаьхьа хуьлуш долчу лазарна собаре хиларал а»».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 217]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Валар гlоли ду 

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Шен хан гIопал хиларций, дегIан лаамций, эрначу сатийсамашций йойуш, уггар дика яхана хан наб еш а, хIумма а ца деш яхнарг хеташ лелачунна валар гIоли ма ду, дуьненчохь вехачул а».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 222]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Дош ала дагадеъча

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьа дош ала шена дагадеъча, хьажа веза, цу дашехь шена пайда бу я бац, нагахь цуьнгахь шена пайда бацахь, саца веза, ала а ца олуш, нагахь цуьнгахь шена пайда бу аьлла хетахь, юха а хьожур ву, цул а сов пайде долу дош дуьсур дуй те шен и олуш аьлла».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 225]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мотт ларбар дазло-кх!
 
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Тамашина ду-кх, адамна хьарам ерг яарх а, зуламах а, зинах а, хIума лачкъорах а, корта бахориг маларх а, хьарам долчуьнга хьажарх а, иштта уьш доцучех а лардала атта хета. Амма мотт ларбар дазло цунна. Динца ву, дуьне дIатесна ву, Iибадатна чувоьлла ву аьлла наха шен цIе йоккхург а караво-кх хьуна АллахI оьгIазавохуьйту дешнаш олуш, ша олучуьнан цхьа а терго ца еш, цу ша аьллачу цхьана дашца малхбаленан а, малхбузенан а юкъал гена охьа а вуссуш (шен даржехь)».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 226-227]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мотт ларбе!

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Масане го хьуна боьхачух а, зуламах а ларлуш, амма ша дуьйцучуьнан терго ца еш, шен мотт дийначеран а, беллачеран а сий тIе кхийдаш болуш! Цунах дерг хьайна довза лаахь, Муслима шен сахьихь жайнахь (2621) Жундуб ибн IабдуллахIера дийцинчу хьадисе хьажа. Цо аьлла, АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Цхьана стага элира: «ВаллахIи, хьенехана АллахIа гечдийр ма дац!». Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIа тIаккха элира: «Ас хьенехана гечдийр дац бохуш дуйнаш дуург мила ву?! Цунна геч ма ди Ас, хьан ерриге Iамал йоха а ма йи Ас!»».
Ехха хан чохь АллахIана Iибадат дина волу кху ленан ерриге Iамал йохий-кх цхьана дашо!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 227]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Уггар зене меже  

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Меттахъяккха уггар атта меже мотт бу, амма лена уггар зене ерг ю иза!».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 230]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Мел олург дlаяздеш ду

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Салафаша а, халафаша а къевсина, дIаяздеш дерг лено мел аьлларг ду я дика-вон бен дац аьлла, нийсох дерг - лено мел олуш дерг дIаяздеш хилар ду».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 230]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
Дош

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Дош - хьан лай ду, амма хьан багара иза арадаьлча хьо ву цуьнан лай».

[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 231]
https://www.tg-me.com/Ibn_Kayyim
2024/07/01 08:45:35
Back to Top
HTML Embed Code: